«В» классан а йолуш, санитарин керла 22 машен эцна

Республикерчу медицинин учрежденийн хьашташна «B» классан керла 22 машен эцна.

Царах 20 машен «ГАЗель» марка йолуш йу, ткъа 2 — «УАЗ».

Уьш йерриш а 10 станцина йукъахь дӀасайекъна, шайн могӀарехь Шуьйтан а, Нажин-Юьртан а, Теркан а, Невран а кӀошташкара станцеш а йолуш.

Санитарин машенаш чохь электрокардиограф а, автоматикин дефибриллятор а, раствораш Ӏалашдойла а, акушерна а, педиатрана а, фельдшерна а лерина тӀоьрмигаш а ду.

Цул сов, 10 атмосферан барамехь ИВЛ-н аппарат а йу, шеца цхьаьна кислородан баллон а йолуш.

Машенаш дӀасайаларехь дакъалаьцна Нохчийчоьнан могашалла Ӏалашйаран министра Лорсанов Сулеймана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: