Нохчийн Республикин куьйгалло, ша аьлча Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаддаза болх бо регионан экономика кхиорехь. Оцунна пайдаоьцу нисъеллачу ерриге а таронех. Масала, дукха хан йоццуш Санкт-Петербургехь хилира дуьненаюкъара экономически форум. Цунах пайдаийцира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо. Кадыров Рамзана а, «Роснефть НК» ОАО-н правленин председатела Сечин Игора а куьйгаш яздина Цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь болчу бартана.
АгIонаша барт бина мехкадаьтта доккхуш, цуьнца цхьаьна йолучу газах санехь пайдаэцар лакхадаккхарехь долчу гIуллакхашна шайн-шайн дакъошкахь ахча хецарна кхачоян а, ткъа иштта гIуллакх деш болчу лицензийн барташца нийса а догIуш, углеводородни минеральни аьргаллин бух юхаметтахIотторна дан оьшу гIуллакхаш дан а.
Мехкадаьттан «Роснефть» компанис Нохчийн Республикица иштта кхечу бартана а яздина куьйгаш. Цуьнца билгалдеш ду республикин гидротехнически а, бIаьсте йолуш хиш тIедийларна дуьхьал а гIишлош а, экологически, санитарни кхерам ца хилийтарна кхачоярна лерина йолу инфраструктурин объекташ а ярехь республикина ахчанца гIодар.
Бинчу барташа гIо дийр ду Нохчийн Республика комплексни кхиорна а, «Роснефть» НК» ОАО-с республикехь бахамаллин гIуллакхаш дарна бегIийла хьелаш кхолларна а.
С.ЛАЛАЕВ
№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо