Итон-Кхаьллан кӀоштахь аттракцион а, хьешацӀийнан комплекс а йийр йу

ХӀокху баттахь шен 99 шо кхочуш йолчу лаьмнашкарчу Итон-Кхаьллан кӀоштахь, доккха маьӀна а долуш, инвестицийн 2 проект кхочушйан лерина:
— Контактан зоопарк а йолуш йолу аттракцион;
— Некъаца хир долчу хьешацӀийнан комплекс.

И ши проект кхочушйаран декъехь инвесторша 129,4 млн ₽ барамехь харжаш йийр йу.

Иза билгалдаьлла Нохчийн Республикин Премьер-министран Хучиев Муслиман а, Итон-Кхаьллан кӀоштан префектан Бурсагов ИбрахӀиман а хиллачу цхьаьнакхетарехь.

КӀоштан префекта билгалдаьккхина и проекташ кхочушйаро меттигерчу бахархошна 30 гергга белхан меттиг лург хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: