«Шелковый путь» раллин ралли-рейдаш дуьххьара дӀахьур йу вайн махкахь

Дуьненайукъарчу «Шелковый путь» раллин ралли-рейдаш дуьххьара дӀахьур йу вайн республикехь.

Карарчу беттан 10-13-чуй деношкахь хир болчу оцу хиламна лерина кечамаш баран гӀуллакх хӀинцале а чекхдаьккхина Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министерствос.

Ткъа ша раллин хьокъехь аьлча, Астраханан областехь дӀа а буьйлалуш, ГӀалмакхойчу а, Дагестане а, Нохчийчу а, Волгоградан а, Липецкан а областашка а кхочур бу цуьнан дакъалацархой, финал Москвахь а хир йолуш.

Карарчу шарахь оцу раллехь дакъалоцуш 20 пачхьалкхера 80 экипаж йу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: