25 МВт нуьцкъаллин а, 10 МВт нуьцкъаллин а маьлхан электростанцеш а, иштта, 23 МВт нуьцкъаллин а, 10 МВт нуьцкъаллин а гидроэлектростанцеш а йан лерина Нохчийчохь.
Федерацин Кхеташонехь дӀахьочу «горгачу стоьлан» гурашкахь иштта дӀахьедар дина НР-н вице-премьера — финансийн министра Тагаев Султана.
Цо билгалдаккхарехь, уьш йаран белхаш 2028-гӀа шо кхаччалц болчу муьрехь дӀабахьар ду Ӏалашонехь.
Цуьнца а догӀуш, республикин токаца йоьзна хьашто меттахӀотталучу хьостех йоккхучу токах лаьтташ хир йу 13,5%-на.
Билгалдоккху Нохчийчохь, карарчу хенахь, болх беш 1 гидро а, 1 маьлхан а электростанци хилар.