«Астрахань — Соьлжа-ГӀала» ралли-марафонехь «КАМАЗ-мастер» тоьлла

«Шелковый путь» раллин 4-чу декъерчу «Астрахань — Соьлжа-ГӀала» ралли-марафонехь 1-ра меттиг «КАМАЗ-мастер» тобано йаьккхина.

Цул сов, 2-гӀа меттиг а кхаьчна оццу тобанерчу векалшна.

Делахь а, 3-гӀа меттиг царна ца кхачийтина — иза схьайаьккхина Беларусерчу «МАЗ-СПОРТавто» тобано.

Билгалдоккху раллин 4-чу декъан йохалла 588,96 км хилла хилар.

Цуьнан толамхой билгалбахар а, дӀабовзийтар а Соьлжа-ГӀаларчу «Буьрса гӀап» автодромехь дӀадаьхьна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: