ЦӀераш йийла кхерам бу цхьамогӀа кӀошташкахь

Вайн махкарчу цхьамогӀа кӀошташкахь, арахь йовха хиларца а догӀуш, цӀераш йийларна боккха кхерам бу. Оцу хьокъехь хаам бина МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхалло.

Къаьсттана боккха кхерам (V-гӀа класс) Шелковски кӀоштахь бу.

Цул тӀаьхьа Гуьмсан а, Курчалойн а, Грозненски а, Эна-Хишкан а, Хьалха-Мартан а, ТӀехьа-Мартан а, Невран а кӀошташ йогӀу.

Оцу кӀошташкахь цӀераш йийларан кхерам лакхарчу тӀегӀанера лоруш бу, кхераман класс IV-гӀа а йолуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: