Маймалан морзгал долуш хьалхара вахархо хаавелла тахана Россехь — Европера цӀавеана жима стаг ву иза.

Цуьнца а догӀуш, йукъараллин майданашкахь йуха а мӀаьжигаш лелайе аьлла, бахархошка кхайкхам бина Москван Ӏедалан векалша.
Делахь а, Роспотребнадзоран Нохчийчохь йолчу Урхалло иштта кхайкхам ца бина.
Цул сов, маймалан морзгалца доьзна дехкарш а, цкъачунна, вайн республикехь хирг цахилар а хаийтина урхаллин векалша.
Цара дийцарехь, дехкарш дӀакхайкхор эпидемиологин хьоле а, инфекци йаржаре а хьаьжжина бен хир долуш дац.
Иштта, эпидемиологин хьал хийцадаларна а, чолхе даларна а кийча йу Нохчийчохь.
Иза а Роспотребнадзоран векалша хаийтина.