СоьлжагIалахойн кхиам

Дикка хан ю вайн махкахь «Синмехаллаш» цIе йолу проект кхочушъяр дIадоьду. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана шен семачу тергонехь латтош ю иза. ХIора шарахь Нохчийчуьра массо кIошт хуьлу цу къовсамехь дакъалоцуш. Шо чекхдолуш толамхошна мехала совгIаташ деш дIадоьрзу жамI дар. Кху тIаьхьарчу шерашкахь дикачу кхиамашца дIадоьду Соьлжа-ГIаларчу мэрин культурин департаменто кечйинчу тобано «Синмехаллашкахь» дакъалацар. И проект, мехкан Куьйгалхочун хаддаза Iуналлехь хилар тидаме эцна, алссам ницкъаш тIеберзийна культурин департаментан куьйгалхочо Шагидаева Динас, хьакъ доллучу тIегIанехь цунна кечам байта. Цундела гайтамаш а ледара бац церан. 2015-чу шеран 11-чу июнехь Iаларойн-Эвлахь дIабаьхьира рогIера къовсам. Соьлжа-ГIалара кегийрхой хьуьнарш къовсуш бара Грозненски кIоштарчу кегийрхошца. Дукха хаза кечйина сценкаш, шовкъе хелхарш, мукъаме иллеш дара шина агIоно тергамхойн кхиэле дехкинарш. «Синмехаллаш» халкъана, махкана езаелла проект хиларе терра, дукха хьовсархой бара, шерачу арахь дIахьочу къовсаме бIаьрг тоха баьхкина. Дехха тIараш деттарца тIеоьцура цара кегийрхоша сцени тIехь говза хIотто массо сурт. Делахь а, къовсам иза къовсам бу. Тергамхойн декхар ду мел хала делахь а, толамхо билгалваккхар. Iаларойн-Эвлахь дIабаьхьначу къовсамехь хьалхара меттиг Соьлжа-ГIаларчу мэрин культурин департаменто кечйинчу тобанна дIаелира. Цуьнца билгалделира СоьлжагIалахой шолгIачу туре бовлуш хилар. Цунах боккха кхаъ хилира Соьлжа-ГIаларчу бахархошна. Нохчийн Республикин коьртачу шахьарера кегийрхой иштта хила беза. Массо а хIуманна тIехь – хьалхарчу могIаршкахь. Шеран чаккхенехь цаьрга хьоьжуш финал ю. Даима санна вай толаме сатуьйсур ду.

 

ДАЧАЕВА Аза

№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: