Пачхьалкхан гӀуллакхдаран декъехь баккхий кхиамаш бахарца а догӀуш, Россин Президентан Путин Владимиран Указца Сийлаллин орден йелла Нохчийчоьнан Парламентан спикерна Даудов Мохьмадна.

Оцу хьокъехь ша бинчу хаамехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхина Даудов Мохьмадан дахар Даймахке болчу безамца доьзна хилар.
Иштта, нохчийн йукъараллин дуьхьа къахьегарехь а, Даймахке боккха ларам гайтарехь а жигаралла гойтуш волу иза доттагӀаша а, белхан накъосташа а, халкъо а чӀогӀа лоруш хилар а хаийтина республикин Куьйгалхочо.
Цул сов, шега кховдийначу боккхачу тешамца Даудов Мохьмад тӀехдика лароран хьокъехь шен шеко цахиларна тӀе тидам а бахийтина Кадыров Рамзана.
Тидамза ца йитина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу бӀаьхой кечбарехь а, Ӏаморехь а республикин Парламентан спикера гайтина эвсаралла а.