Карарчу хенахь кхочушйеш инвестицийн 17 проект йу Грозненски кӀоштахь. Иза билгалдаьлла оцу кӀоштан социальни-экономикин кхиарна лерина а йолуш, Нохчийчоьнан Премьер-министра Хучиев Муслима Девкар-Эвлахь дӀайаьхьначу кхеташонехь.
Йуьйцучу проекташна инвесторша йеш 995,7 млн ₽ харжаш йу, тӀаьхьалуонехь цара 197 белхан меттиг а лур йолуш.
Пачхьалкхан программаш а, къоман проекташ а кхочушйарна тӀехь а хьал ледара дац Грозненски кӀоштахь, хӀунда аьлча, йеш 8 ишкол а, культурин цӀа а, дарбанцӀа а ду цигахь.