ТӀаьххьарчу хена чохь Нажин-Юьртан кӀоштахь цхьамогӀа социальни а, экономикин а проекташ кхочушйинехь, дан дезарш кхин а дукха ду. Иза билгалдаьккхина Кадыров Рамзана Бенахь ша дӀайаьхьначу кхеташонехь.

Цигахь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо теллина кӀоштарчу йарташна хица кхачойарца а, некъаш дахкарца а, ишколаш а, берийн бошмаш а йарца а, диспансеризаци а, кегийрхой кхетош-кхиоран болх а дӀабахьарца а доьзна гӀуллакхаш.
Меттигерчу префекта Музуев Асламбека хаийтира кӀоштахь тойеш 10 а, йан йолийна цхьа ишкол а, йеш берийн беш а хилар.
Цул сов, Культурин министран Кадырова Ӏайшатан дӀадолорца тодан долийна культурин 4 цӀа а, искусствон ишкол а йу.
Иштта, латта текхаш долчу меттигашкахь Ӏаш болчу бахархошна деш дукхапетарийн цӀенош а ду.
Бена боьдуш а, цунна гуо боккхуш а болчу 2 некъа тӀехь а къахьоьгуш ду, белхаш дӀаберзо 2-3 бутт хан а йезаш.
Диспансеризацин гурашкахь 1 эзар сов стаг лоьрех чекхваьккхина, шайх 841 — воккханиг а волуш.
Халахеташ делахь а, цигахь гучудаьлла онкологи йолуш 2 а, патологеш йолуш масех бер а хилар.
Царна оьшшуш долу дарба дан а долийна, лоьраш церан хьашташка хьовсуш а бу.
Нохчийчоьнан могашалла Ӏалашйаран министра Лорсанов Сулеймана хаам бина оцу хьокъехь.
ТӀеман а, патриоталлин а «Ахмат-Беной» клубан директора Иблаев Мусас хаийтина тӀеман гӀуллакх Ӏаморехь къахьоьгуш 200 стаг хилар а, уьш ийманехь кхиоран болх Муфтиятан векалшца цхьаьна дӀахьош хилар.
ХӀора а шарахь шорлуш, йаьржаш йолчу йарташна хица кхачойаран гӀуллакх жигара дӀахьош а, оцу декъехь мел оьшу хьелаш долуш а хиларх дийцира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун гӀоьнчас Хататаев Амхьада.
Бакъонаш ларйаран органаша бечу балхах кӀоштехула долчу чоьхьарчу гӀуллакхийн декъан хьаькама Чалаев Мурада дийцира.