Францин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министерствон а, оборонан министерствон а архивашкара 50 эзар сов мехала документ Нохчийн Республикин Правительствон архивийн урхалле схьаделла. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин Правительствон архивийн урхалло.
Францехь а, Великобританехь а, Германехь а, Чехехь а кхечу пачхьалкхашкахь а 10 шарахь сов белхаш бина Парижан кавказоведаша Кавказан исторех доьзна долу документаш лоьхуш, уьш толлуш. Оцу хена чохь цара дикка мехала архивийн коллекци вовшахтоьхна. Дукхах йолу материалаш Iамийна боцучу Кавказан историн муьрах лаьцна ю.
Историн документаш вайга схьадаларан Iалашо тIеман хенашкахь хIаллакьхилла йолу Нохчийчоьнан архивийн фонд юхаметтахIотторехь гIодар ю.
«Тхан Iалашо ю Къилбаседа Кавказан регионах а, къаьсттина Нохчийчоьнах а доьзна долчу документашна нохчийн историкаш парггIат тIекхачийтарехь гIодар», – билгалдаьккхира Францин Кавказ талларан ассоциацин белхахоша шаьш Нохчийн Республикин Правительствон архивийн урхалле даийтинчу кехата тIехь.
– Оха хазахетарца тIеийцира оццул деза совгIат. ХIинццалц академически коьрта центраш а т1ехь тIекхача а, церан талла а аьтто хуьлуш йоцчу французски пачхьалкхан архивашкара документаш ду вайн республикехь, – билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Правительствон архивийн урхаллин хьаькаман заместитела Музаев Тимура.
Уггаре а мехалчу материалех ю Россехь граждански тIом болчу хенахь Францин тIеман разведко бина талламаш тIехь берш. Францин архивехь гулъелла хилла Гуьржийчохь а, Азербайджанехь а, Эрмалойчохь а, Дагестанехь а, ткъа иштта Нохчийчохь а цу хенахь хилла долу хьал ма-дарра довзуьйтуш йолу отчеташ. Нохчаша инарлин Деникинан добровольчески эскарна дуьхьал бина тIом бу оцу материалаш тIехь бовзуьйтуш.
Алссам документаш ду схьаделларш, говзанчаша дийцарехь уьш довза а масех бутт хан еза. Цул тIаьхьа вайн республикера 1илманчаш, талламхой парггIат тIекхача аьтто болуш хир ду уьш.
Р.МУСЛИМОВ
№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо