ТӀеман батальонашка бӀаьхой схьаэцаран болх дӀахьош бу республикехь

Россин оборонин министерствехь кхоьллинчу керлачу «Север-Ахмат» а, «Юг-Ахмат» а, «Запад-Ахмат» а, «Восток-Ахмат» а тӀеман батальонашка бӀаьхой схьаэцаран болх бу Нохчийчохь дӀахьош.

Оцу батальонашкахь меттигера бахархой бен хирг цахилар хаийтина республикин ТӀеман комиссариатехь.

Кандидаташ эскаршкахь дакъалаца магочу шерашкахь а болуш, йукъара йа лаккхара дешар долуш хила безаш бу.

ТӀеман гӀуллакхаш кхочушдан царна мел оьшу хьелаш кхоьллина ду.

Алапа 50 эзар ₽ тӀера дуьйна хирг хилар а билгалдоккху ведомствехь.

ЗӀенан лоьмар: 8(962)657-68-80.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: