3,5 эзар хӀусаман дозане кхаччалц маьхза газ йигаран болх дӀахьур бу

Карарчу шарахь 3,5 эзар хӀусаман дозане кхаччалц маьхза газ йигаран Ӏалашо йу вайн махкахь.

Царах 800 гергга хӀусамна газ тӀейигаран болх хӀинцале а дӀабирзина.

Россин Президентан Путин Владимиран дӀадолорца кхочушдеш долу и гӀуллакх шен лерринчу тергонехь латтош ву Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан.


Цуьнгара гӀо-накъосталла хилар бахьана долуш, бахархойн хӀусамийн дозанашка кхаччалц маьхза газ йигаран болх дӀабахьарехь федерацин субъекташлахь лидер йу Нохчийчоь.

Иза билгалдаьлла республикин Премьер-министра Хучиев Муслима дӀайаьхьначу кхеташонехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: