Шелан кӀоштахь ПВО-н база йиллар кховдина Кадыров Рамзана

Россина тӀеман стратегин керла дӀадолорш оьшу. Иштта дӀахьедар дина Кадыров Рамзана Telegram чуьрчу шен каналехь.

«Бан безаш дуккха а хийцамаш бу. Делахь а, суна хетарехь, хьалхарчех ду Нохчийн Республикин лаьмнашкахь, Россин къилбехь ПВО-н системаш йахкар. Шелан кӀоштахь долчу танкийн декъан латтанашкахь йилла мегар ду ПВО-н база а», — йаздина цо.

Нохчийчоьнан Куьйгалхо тешна ву мостагӀера хӀун а, муьлххачу хенахь а дала тарлург хиларх.

Цуьнца доьзна ду ПВО-н база йилларан хьокъехь долу дӀахьедар а.

Кадыров Рамзанна хетарехь, оборонин декъера и гӀулч йаккхаро тактикин дуьхьало йаран болх эвсарбаккхаран могӀаре боккхур бу мохк.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: