Хууш ма-хиллара, Итон-Кхаьллан кӀошт кхоьллина 99 шо кхачар селхана билгалдаьккхина.
Оцу беркатечу балхана леринчу даздаршкахь хиллачу Нохчийчоьнан Премьер-министра Хучиев Муслима дакъалаьцна инвестицийн 2 проект кхочушйан дӀайолорехь а:
1) Тусхарахь хьешацӀийнан «Бечиги» комплекс дӀайолорехь;
2) Зоопаркаца йолу аттракционан «Орга» парк Итон-Кхаьллахь дӀайолорехь.
И 2 проект кхочушйарехь инвесторша 129,4 млн ₽ барамехь харжаш а йийр йу, чаккхенехь 30 гергга белхан меттиг а кхуллур йу.