Къоман проектан гурашкахь йеш йу даххаш дӀасалистаран 4 комплекс

«Экология» къоман проектан гурашкахь йеш йу коммунальни андий даххаш дӀасалистаран 4 комплекс.

Гуьмсехь а, Шелахь а, ТӀехьа-МартантӀехь а, ЧӀуьлгин-Юьртахь а хир йолуш йу уьш, 270 эзар тонна даххаш дӀасалистаран ницкъ а болуш.

Оцу комплексаша карарчу шеран чаккхенехь шайн болх дӀаболор бу. Иза билгалдаьккхина НР-н гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствон векалша.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: