Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон пресс-службо хаам ма-барра, дIадаханчу кIирнах Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъалецира Санкт-Петербургерчу дуьненаюкъарчу экономикин форумехь (ПМЭФ – 2015). Цигахь Нохчийн Республика билгалъяьккхира бизнес лелон дика хьелаш долу регион ю аьлла. Ткъа оцу могIарехь хьалха лаьтташ ю ГIезалойчоьнан республика а, Калужски, Белгородски областаш а.
Оцу форумехь шен журналисташца хиллачу цхьаьнакхетарехь Р.Кадыровс билгалдаьккхира, Нохчийчоь тIейогIучу хенахь дотациш схьа а ца оьцуш, ша шена кхачояран тIегIане яла дагахь хилар.
Цо дийцарехь, регионехь дIахьош йолу экономикин политика нийса хилар хIинцале а гуш ду. Экономика лакхарчу тIегIане йолуш ю, белхазалла лахлуш ю.
– Оха баккхий кхиамаш баьхна промышленностехь, юьртан бахамехь, бизнесехь, экономикин кхечу дакъошкахь. Белхаш лахбан дагахь дац тхо, цул сов уьш жигарабаха Iалашо ю. Оха тхайна хIоттийна Iалашо тхаьш-тхайна кхачояр ю. Экономика кхиарца доьзна тхо цунна герга а ду, – бохура республикин Куьйгалхочо.
Цо иштта билгалдаьккхира, экономика кхиорехь уггаре а коьрта агIо промышленность а, юьртан бахам а хилар.
ПМЭФ-2015 форумехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочун цхьаьнакхетар хилира СаIудин Аравин принцан заместительца Паччахьаллин (Королевствон), оборонин министраца Мухьаммад бен Сальманца. Р.Кадыровс шен instagram агIон тIехь хаам ма-барра, цаьршимма дийцаре дира Малхбален пачхьалкхашкара хьал а, бизнесца доьзна долу гIуллакхаш а. СаIудин Аравин оборонин министра билгалдаьккхира шайн Пачхьалкхана а, Россина а юкъара юкъаметтиг денна кхуьуш, ч1аг1луш хилар. Цул сов цо хаийтира шаьш Нохчийчоьнца экономикин а, культурин а зIенаш дIатаса кийча хилар. Цо иштта элира кестта вайн республике шайн говзанчаш бохкуьйтур бу аьлла.
Санкт-Петербургера дуьненаюкъарчу экономикин форуман гурашкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо цхьаьнакхийтира Чинин коммерцин министраца Чжун Шанемца. Цаьршиннан барт хилира Нохчийчоьнан юьртан бахам, промышленность, жима а, юккъера а бизнес кхиорехь цхьаьна гIуллакхаш дан. Р.Кадыров Чине а кхайкхира Чжун Шанема. Ткъа цо хазахетарца тIелецира ша Нохчийчу кхайкхар.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо