Нохчийчоьнан вице-премьер Умаров Джамбулат Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин президентан дарже хаьржина.

Дешаран а, Ӏилманан а министерствехь хиллачу цхьаьнакхетарехь дӀадаьхьначу кхажтасаран жамӀашца билгалдаьлла иза.
Оцу хиламца иза декъалвинчу Дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис билгалдаьккхира иза махкарчу Ӏилманан йукъараллина маьӀне гӀуллакх хилар.
Ткъа керлачу президента шен хьежамаш бовзийтира — Ӏилманчаша, историн а, гуманитарин а Ӏилманашкахь къахьегарна тӀехь тоам а ца беш, физикин а, химин а, биологин а дакъошкахь а къахьегар.
Цул сов, цо дийцарехь, кегийчу говзанчашца а, къоначу Ӏилманчашна а къаьсттана тидам-терго йар а ду Ӏалашонехь.