Исбаьхьа хаза а, кӀоштахь уггар доккха а, керла а… Иштта ала мегар ду Хьалха-МартантӀехь дан долийначу маьждигах.
5 эзар стагана лерина а долуш, Хьалха-Мартан кӀоштарчу даккхийчу маьждигех доккханиг хир ду иза.
Керла «Делан хӀусам» йаран болх дӀаболорехь дакъалаьцна кӀоштан Ӏедалан векалша, Ӏеламнаха, къаноша, и.д.кх.а.
Хьалха-Мартан кӀоштан префект Куцаев Шемала хаийтина оцу маьждиган проект Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана къобалйина хилар.
Цул сов, и маьждиг даран болх шен чоьтах дӀабахьийтар Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо тӀелацарна а хаийтина цо.