Пачхьенера Лорсановн урам тобар теллина республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана

Соьлжа-ГӀалин уггаре а маьӀнечу урамех цхьаъ ларалуш болу Лорсановн урам тобеш бу карарчу хенахь.

Цигахь дӀахьочу белхашка а хьожуш, пачхьенан йуккъехь хилла Кадыров Рамзан.

«КӀеззигчу хена чохь дукха боккха бу кхузахь бинарг», — хаийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Цуьнца цхьаьна хиллачу Соьлжа-ГӀалин мэра Кадыров Хас-Мохьмада бовзийтира хӀинцале бина а, кхидӀа бийр болу а хийцамаш.

Цо билгалдаккхарехь, ша некъ 6 аса долуш хир бу, иштта, оцу некъаца йолчу гӀишлойн куц-кепаш а хуьйцур ду.

Машенаш дӀахӀиттайойлаш а, гӀашлойн некъаш а хир ду кхачам боллуш.

Цул сов, алссам доьгӀна дитташ а, цӀиндина серлонан бӀогӀамаш а, инженерин коммуникацеш а кхочур йу бахархошна белхаш дӀабирзинчул тӀаьхьа.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: