Нохчийн маттахь долу йозанаш цӀинйинчу орфографин бакъонийн лехамашца автоматикин рожехь нисдаран программа кхолларна тӀехь къахьоьгуш бу НР-н Ӏилманийн академин Пайдечу семиотикин декъан говзанчаш.
Цул сов, омографаш къастор Ӏаморан корпус кечйарна оьшучу йозанийн бух вовшахтохарехь а къахьоьгу цара.
И бух, таханлерчу дийнахь, 5 млн гергга йолчу агӀонах лаьтташ бу, шен могӀарехь тайп-тайпанчу хотӀера нохчийн йозанаш а долуш.
«И бух, таханлерчу дийнахь, 5 млн гергга йолчу агӀонех лаьтташ бу, шен могӀарехь тайп-тайпанчу хӀотера нохчийн йозанаш а долуш,» — йаздина хаамехь.
Суна хетарехь, кхузахь нийса хир дара: агӀонех меттана — агӀонах йаздича, ткъа хӀотера меттана — хотӀера йаздича…
Дала беркате бойла и болх!
Асламбек, марша вогӀийла хьо! Ахь нийса а ма боху, хьуна нийса а ма хета. Дела реза хуьлда тидаме хиларна!