Аьчкийн конструкцийн декъехь тоьллачеран конференцехь дакъалоцуш Нохчийчуьра «Теплостройпроект-С» компани а йу.
«ЕВРАЗ» компанис вовшахтоьхна иза дӀахьош йу ГӀезалойчоьнан пачхье йолчу Казанехь.
«RimGroup» холдингана йукъайогӀучу «Теплостройпроект-С»-н векалша билгалдоккху конференцин гурашкахь цхьамогӀа практикумаш хилар.
Цул сов, аьчкан конструкцийн декъера трендаш а, маьӀне керланаш а дийцаре до цуьнан гурашкахь.