«Куьпахочуьнца — цхьа де» акцехь дакъалаьцна журналисташа

«Куьпахочуьнца — цхьа де» акцин гурашкахь журналисташа а дакъалецира Россин чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон Соьлжа-ГӀалехула йолчу Урхаллин полицин лакхарчу куьпахочуьнца Дутаев Адамца.

ГӀазанчаллин декъера дӀаболийра цара шайн болх.

Дутаев Адама дийцарехь, куьпахочун алссам ду декхарш, шайн могӀарехь йукъараллин къепе латторехь дакъалацар а, зуламаш а, административни бакъонаш талхор а таллар а, бахархошна гӀо-накъосталла дар а долуш.

Вуьшта аьлча, цунах тешийнарг Соьлжа-ГӀалин Шайх Мансуран кӀоштара дукхапетарийн 11 а, долара 120 а цӀа ду.

1,5 эзар гергга вахархо нислуш ву оцу куьпахь.

Цул сов, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан коьрта корпус а, самукъадаккхаран а, махлелоран а «Грозный Молл» туш а йу Дутаев Адаман куьпахь.

Билгалдаккха догӀу иза Йерригроссин XI-чу «Халкъан куьпахо — 2021» конкурсан толамхо ваьлла а хилар.

Цуьнца а догӀуш, Дутаев Адаман мах Кадыров Рамзана а хадийна — Нохчийн Республикин лаккхара совгӀат долу «Кадыровн орден» а луш.

Дагадоуьйту «Куьпахочуьнца — цхьа де» акци федерацин йерриге а субъекташкахь дӀахьош хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: