Россина дуьхьал Евросоюзана юкъайогIучу пачхьалкхаша а, Малхбузено а йинчу экономикин санкцешца доьзна керла, кхин а чолхе декхарш хьалха хIиттина вайн берриге а махкана, делахь-хIета Нохчийчоьнна а. Кхолладеллачу хьелашкахь мехала ду предпринимательство, бизнес кхиор, инвестицеш юкъаозор. Уьш а, кхидолу а гIуллакхаш дийцаре дарна лерина дара хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан вайн Правительствон Председательца Эдельгериев Абубакарца хилла мехала цхьаьнакхетар.
«Къамелан юьххьехь республикин Куьйгалхочо хаьттира инвестицийн программаш а, бина тIелацамаш буьззина кхочушбарехь а долчу хьолах дерг. Оцу хаттарна жоп луш А.Эдельгериевс дийцира оцу декъехь тIетаьIIина беш болх хиларх лаьцна. «Бюджет кхочушъярца доьзна хьал чолхе делахь а, хIора дийнахь оха тергонехь латтадо иза кхочушъяран гIуллакх. Цуьнца цхьаьна боккха болх дIабаьхьна кху шарна йолу федеральни программаш кхочушъярехь. ХIинцале кечдина оьшуш долу тептарш, уьш федеральни центре дIа а дахьийтина. ХьалхахIиттийна кхидолу декхарш а кхочушдеш ду», – элира республикин премьер-министра.
Цул тIаьхьа цо дийцира Нохчийчоьнан юьртан бахам кхиорна инвестицеш юкъаозорехь бечу балхах лаьцна. Хууш ма-хиллара, хIокху шарахь оцу декъехь динчу бIаьрлачу гIуллакхех цхьаъ ду «Родина» совхозехь инвестицийн чоьтах теплицийн йоккха комплекс схьаеллар. Цу чохь кхиош йолчу наьрсийн чам бовза кхиъна вайн бахархой. «Билгалдеш ду юьртан бахаман сурсаташ Iалашден гIишлошъяр. ХIоттийначу программица дIахьош ду уьш яр. Бина тIелацамаш буьззинчу барамехь кхочушбеш бу оха, цу юкъахь финансировани ярца боьзна берш а», – бохура Эдельгериев Абубакара.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо премьер-министран тидам кхин цкъа а тIебахийтира жима а, юккъера а бизнес тайп-тайпана проекташ кхочушъярна хьалхачул а алсам, жигара юкъаозо езаш хиларна. «Дика хир дара и гIуллакх дарехь Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташна зеделлачух пайдаэцча. Цигахь кхочушйо пачхьалкхан а, акционерийн а юкъара программаш. ХIоранна а, баккъал а болх беш волчунна, башха хьелаш кхолла деза. Регионна уггаре а хала даьхкинчу шерашкахь доггаха къахьегна ду и адамаш, уьш хьакъ ду правительствос шайн терго ян», – элира Кадыров Рамзана.
Цхьаьнакхетар дерзош Нохчийн Республикин Куьйгалхочо вайн регионан Правительствон Председательна тIедиллира инвестицеш юкъаозоран а, жима а, юккъера а бизнес кхиоран а проблемаш йийцаре яран Iалашонца меттгерчу бизнесменашца цхьаьнакхетар вовшахтохарна кечамбар.
Д.АНАДЕВ
№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо
