Нохчийчохь дӀабирзина Россин оборонин министерствон долахь хир йолу 3 батальон а, 1 полк а вовшахтохаран болх.

Церан хӀора а салти кечвина шен герз а, тӀеман барзакъ а долуш.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана нохчийн салтийн хьашташна эцна «АХМАТ-мобилаш» а гайтина.
Гарнизонашкахь дӀахьочу белхийн хьокъехь аьлча, республикин Куьйгалхочо хаийтина и белхаш кеста дӀабоьрзург хилар.
Цул тӀаьхьа салтий шайн-шайн туьшашкахь дӀатарбийр бу.
Оцу декъехь бечу белхашка а хьожуш, вайн махкахь Кузовлев Сергей а хилла.
Къилбан тӀеман округан эскарийн буьйранчин декхарш кхочушдеш волу иза а, Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан а хьаьжна салташна кхуллучу хьелашка а, батальонаш а, полк а вовшахтохарехь дӀабаьхьначу балхе а.