Соьлжа-ГӀалин хьуьнан бахамерчу дитташна салларш лата дуьйладелла

«Нохчийн Республикин хьун Ӏалашйаран туьшан» директора Хазуев Хьасана Ӏаламан тӀаьхьалуонийн а, гуонахара хьал лардаран а министрана Темирханов Сайд-Мохьмадна хаийтина Соьлжа-ГӀалин хьуьнан бахамерчу дитташна салларш лата дуьйладелла хилар.

Оцу хьокъехь хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцаре дина салларшца къийсам латторан декъехь дан дезарш.

Церан могӀарехь ду дитташна тӀеда углеводородаш тохар, куьйгашца уьш дӀацӀандар, и.д.кх.а.

Буьйцучу балхана йукхаозо лерина дешархой, студенташ, «Нохчийн Республикин хьун Ӏалашйаран туьшан» а, Ӏаламан тӀаьхьалуонийн а, гуонахара хьал лардаран а министерствон а белхахой.

И болх, тӀебогӀучу баттахь дӀа а болош, 3 баттахь дӀабахьа лерина бу говзанчаш.

Цул сов, Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а болчу хьуьнан бахамашка дӀакхачийна салларшца къийсам латторан иэсалгаш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: