Кхиазхошлахь бакъонаш талхораш талларан белхаш дӀахьо

Россин чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон Соьлжа-ГӀалехула йолчу Урхаллин Кхиазхойн гӀуллакхийн декъан белхахоша интернет-клубашкахь дӀахьош бу профилактикин рейдийн белхаш.

Кхиазхошлахь бакъонаш талхораш талларца боьзна бу уьш.

Бакъонаш ларйархоша билгалдаккхарехь, цкъачунна хааделла дац кхиазхоша а, кхиазхошца доьзна а бакъонаш талхор.

Цул сов, совдегаршца дӀахьош а бу кхетош-кхиоран а, законийн лехамаш бовзийтаран а болх.

Билггал аьлча, Нохчийн Республикин №3 (17.01.2017) йолчу законан 20-чу ст. лехамаш хьоьху царна.

16 шо кхачаза болу кхиазхой, шайца цхьаьна дай-наной йа верасаш а боцуш, самукъадаккхаран хьелашка кхачийтар Нохчийчохь дихкина хилар билгалдоккхуш статья йу иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: