Украинерчу операцехь дакъалаца шайн лаамехь боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана

Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца шайн лаамехь боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу аэропортера.

Оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Рамзана билгалдаьккхина церан могӀарехь тайп-тайпанчу халкъийн векалш хилар, шайн Ӏалашо Луганскан а, Донецкан а халкъийн республикийн бахархой ларбар а йолуш.

Иштта, Гуьмсехь йолчу Россин спецназан университетехь уьш Ӏаморан болх дӀабахьар а тӀетоьхна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Уьш новкъабахарехь дакъалаьцна республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: