Россин вице-премьеран Хуснуллин Маратан кховдорца а догӀуш, федерацин Президента Путин Владимира, Невский Александран орден а луш, билгалваьккхина Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо хаийтина и орден а, цуьнца ша билгалваккхар а ша аванс санна лоруш хилар.
И орден Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна йаларан 2 агӀо йу:➡️Нохчийн Республикин социальни-экономикин кхиарна йукъа доккха дакъа дилларна;➡️Пачхьалкхан маьӀна долу Ӏалашонаш эвсара кхочушйар.
Нохчийчоьнан а, Россин а дуьхьа ша кхидӀа а къахьоьгург хиларна тӀе тидам бахийтина республикин Куьйгалхочо.
Цул сов, республикина хьалха лаьтташ долу декхарш а, Ӏалашонаш а, дӀадолорш а кхочушдарехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командин векалша а, Россин Правительствон декъашхоша а жигара дакъалоцуш хилар тидаме а оьцуш, шена и орден йаларан дакъа царна а кхочушхилар а хьахийна Кадыров Рамзана.