Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара дакъалецира Россин Федерацин премьер-министра Медведев Дмитрийс регионийн куьйгалхошца дIаяьхьначу видеоконференцехь. Иштта конференци дIаяхьар хилира Россин Правительствон комиссин кхеташо дIайоьдучу хенахь.
Цигахь йийцаре йира пачхьалкхан а, муниципальни а хьашташ электронни кепехь кхочушдаран механизмаш кхиоран Концепцин проект. Россин Федерацин зIенан а, шуьйрачу коммуникацин а министра Никифоров Николайс хаам бина ма-хиллара, 2010 чу шеран 27-чу июлехьлерчу №210 йолчу федеральни законан 7-чу статьяца нийса а догIуш (иза буьззинчу ницкъе дирзина 2012-чу шеран 1-чу июлехь), пачхьалкхан а, муниципальни а хьашташ кхочушдечу органийн бакъо яц Iедалан органашкахь долу заявителийн документаш шайга дIадалар леха.
Цо дийцарехь, ведомствошна юкъахь электронни цхьаьнагIуллакхашдаран система (СМЭВ) дуьххьалдIа кхоьллина ю документаш дIасадалар электронни кепехь хилийтархьама. Н.Никифоровс иштта хаам бира СМЭВ-на Iедалан законодательни а, кхочушдаран а системаш, кредитни организацеш тIетаса лерина хиларан хьокъехь. Министра чIагIдарехь, СМЭВ-н гурашкахь Iедалан федеральни органашка регионаша запросаш яран жигаралла массанхьа а цхьабосса яц.
Россин премьер-министра Медведев Дмитрийс тIедиллира СМЭВ-н гIуллакх дIанисдарехь жигаралла лахара йолчу субъекташкахь болх тобайтарехьа талламаш барна прокуратура юкъаозор. Нохчийн Республикин хьокъехь аьлча, иза тестированин шолгIачу рогIана юкъаяхийтина, вайн регионан транспортан а, зIенан а министран заместитела Алсултанов Турпа-Iелас дийцарехь. Цуьнца цхьаьна Нохчийчохь вовшахтоьхна леррина йолу правительствон комисси. Цо болх бийр бу ведомствошна юкъахь электронни цхьаьнагIуллакхаш даран система когахIотторан декъехь. «Ведомствошна юкъахь электронни цхьаьнагIуллакхашдаран система дIахоттаелла федеральни цхьааллин СМЭВ-х. Берриге а талламаш дIабоьлху баккха бехк боцуш», – чIагIдира Т.-I.Алсултановс.
Республикин Правительствон Председатела билгалдаьккхира оцу мехалчу гIуллакхана лакхарчу жоьпаллица тIедаха дезаш хилар. Цу тIехь цхьана а кепара кхачамбацар, ледарло хилийта мегарг цахилар.
(Пайдаэцна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун,
Правительствон пресс-службин хаамех).
С.ХАСАНОВ