Нохчийчоьнна керла ишколаш иэшар хууш а ду, и гӀуллакх лерринчу тергонехь латтор долуш а ду. Иштта дӀахьедар дина белхан гӀуллакхца вайн махкахь хиллачу Россин серлонан министра Кравцов Сергейс.
«Демограферчу хьолаца доьзна ду дерриге а. Делахь а, схьахетарехь, вайн аьтто хир бу герггарчу хена чохь и хьал дикка хийца а, дешархоша ишколашкахь 3 рожехь дешар дӀадаккха а», — билгалдаьккхина цо.
Цул сов, федерацин министра тӀе тидам ма-бахийттара, кхузаманахьлерчу дешаран а, хьехаран а технологеш йевзаш а, царах пайдаоьцуш болу а хьехархошца хьашто а йу Нохчийчохь йечу керлачу ишколашкахь.
«Ахьмад-Хьаьжин Рамзанца дийцаре дина бераша 3 рожехь дешаран а, хьехархой кечбаран а гӀуллакхаш. Керла гӀирсаш а, компьютерийн классаш а, интерактиван аннаш а долуш йолу керла ишколаш схьайоьллуш хилча, керла хьехархой а беза. Оцу декъехь къахьоьгур ду», — дийцира Кравцов Сергейс.