Цхьа-ши дош…

Великобританин шахьарахь йоккха митинг дIаяьхьира. Урамашка бевллачара дIахьедира шаьш консерваторша махкахь дIахьош йолчу политикина реза цахилар.

                   ***

Австрерчу Грац гIалахь «внедорожникан» водитело, шена хаа а хууш, шен машен гIашлойн тобанна тIетоьхна. Юха машенара охьа а иккхина, урс даьккхина, нахана иза диттина. Оцу бохамехь 3 стаг велла, 30 гергга стаг лазийна.

         ***

ОвгIанехь леррина операци дIахьош бакъонаш ларъяран органаша 17 талиб вийна. Цу тайппана операцеш кхул тIаьхьа а дIаяхьа лерина ду Iедал.

           ***

«Иблисан пачхьалкх» зуламхойн гIеранан декъашхоша минаш ехкина Пальмиран ширачу декъехь. ХIинца иза шаьш оьккхуьйтур ю бохуш кхерамаш туьйсу цара.

          ***

Мархийн беттан хIокху деношкахь дикка лахбелла Йеменехь дIабоьдуш болу  граждански тIом.

          ***

Европин мехкашка оьхуш болчу мигранташна дуьхьал митинг дIаяьхьира Братиславехь. Цара Евросоюзан куьйгалле лоьхура мигранташ совцоран некъ лахар. Митинг йирзира урамашка бевллачеран вовшашца Iотта-баккхам хиларца.

         ***

Сомалихь экстремисташ тIелетира бакъонаш ларъяран цхьана подразделенин гIишлонна. ТIелеттачарах виъ стаг вийна, бакъонашларъярхойх цхьанна а доккха зен-зулам ца хилла.

         ***

КIирандийнахь дуьххьара Индехь, Таиландехь, Россехь, цхьамогIа кхечу пачхьалкхашкахь билгалдаьккхира йоган дуьненаюкъара де.

                                                         ***

Желтойчоьнан премьер-министра Ципраса А.Меркельца а, Олландца а, Ж.Юнкерца а дийцаре дира Желтойчоьнан кредитан хьокъехь йолу керла (предложенеш) магораш.

         ***

Украинехь волчу Литван векала хIокху деношкахь дIахьедира шайн пачхьалкхо Киевна герз дохкар кхул тIаьхьа а дIахьуриг хилар.

         ***

Боккхачу кхиамца чекхъяьлла Санкт-Петербургехь дуьненаюкъара XIX-гIа экономикин форум. Цигахь 300 миллиард соьмана гергга контракт, меморандум, барт бина. Форумехь дакъалецира 62 пачхьалкхерчу бизнесан 1669 векала.

         ***

Май баттахь Россехь белхазаллин барам 5,6 процентана охьабаьлла. Таханлерчу дийнахь махкара 4,3 миллион стаг бан болх боцуш ву. Масала Германехь белхазаллин барам ялх процент гергга бу.

***

Бакухь дIахьош долчу Европин дуьххьарлерчу ловзаршкахь командашна юкъахь дIахьош болчу къийсамехь хьалхарчу меттехь ю Россин вовшахтоьхна команда.

№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: