Соьлжа-ГӀалин коьртачу майданахь дӀабаьхьна Беларусерчу промышленностан предприятийн сурсатийн гайтам.

Нохчийчоьнан Правительствон а, кӀоштийн а, предприятийн а векалийн а, бахархойн а кхиэлана лерина йара гӀишлошйаран а, йуьртабахаман а, коммунальни бахаман а техника, йукъараллин транспорт, и.д.кх.а.
Беларусина а, Нохчийчоьнна а вовшашца уьйраш тасарехь а, чӀагӀйарехь а гӀо-накъосталла хилийтаран Ӏалашонца дӀабахьна бара гайтам.
Иштта хаам бира Беларусин делегацин куьйгаллехь волчу Пантус Дмитрийс — Беларусин пачхьалкхан тӀеман а, промышленностан а комитетан председатела.
И гайтам хӀорашеран тӀегӀанехь хиларца шен дог-ойла хилар хаийтира цигахь дакъалоцуш хиллачу Нохчийчоьнан вице-премьера Хакимов Хьасана.