Москван пачхьалкхан университетан филиал вайн махкахь кхоллар дийцаре дина

Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, вайн мехкан Премьер-министран Хучиев Муслиман цхьаьнакхетар хилла Москван пачхьалкхан университетан (МПУ) ректорца Садовничий Викторца.

Инвестицийн «Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъара университет» проектан буха тӀехь МПУ-н филиал кхолларан гӀуллакх дийцаре дина цигахь.

Хучиев Муслима билгалдаьккхина и гӀуллакх Кадыров Рамзана шен тергонехь латтош хилар.

МПУ-н филиал йелларан хьокъехь аьлча, дийцаре деш ду Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу университехь хир болу техникин а, материалийн а бух оцу университетана, алссам хан а къастош, дӀабалар.

И филиал кхолларо вайн махкарчу лаккхарчу дешаран боккха Ӏаткъам бийриг хиларца йоккха дегайовхо хиларна тӀе тидам а бахийтина Нохчийчоьнан Премьер-министра.

Садовничий Виктора чӀагӀо йина Нохчийчохь МПУ-н филиал кхолларан гӀуллакх толлург а, иштта, хьокъале боллу сацам тӀеоьцург а хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: