Украинехь леррина операци дӀайахьар къобалдаран митингехь 5 эзар сов стага дакъалаьцна

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Сийлаллин мемориалан комплексехь тахана Йукъараллин палато вовшахтоьхначу митингехь дакъалецира 5 эзар сов стага.

Украинехь тӀеман леррина операци дӀайахьар къобалдарна лерина йара иза.

Цигахь дакъалоцуш бара йукъараллин гӀуллакххой, политикин партийн декъашхой, профсоюзийн а, предприятийн а векалш, студенташ, и.д.кх.а.

Митинган дакъалацархоша, цигахь дакъалацарца а, шайгарчу кхайкхамийн аннашца а цхьаьна билгалдаьккхира Донбассан республикаш ларйаран а, Украина нацистех дӀацӀанйаран а Ӏалашонца дӀахьош йолу тӀеман леррина операци шаьш къобалйар.

Цара дийцарехь, оцу операцин гурашкара Россин Президентан Путин Владимиран а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а дӀадолорш бух болуш а, халкъо къобалдеш а ду.

Чаккхенехь, цигахь дакъалоцуш болу нохчийн бӀаьхой а боьхуш, Деле доӀа дира митинган дакъалацархоша.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: