Хьиджратан 1444-чу шарца доьзна Кадыров Рамзанан кост

Хьиджратан 1444-чу шарца бусалбанаш декъалбина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Цо карладаьккхина хьиджратан мур Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Сийлахьчу Маккара Нуьречу Мадинате дӀакхалхарца дуьйна бух болуш хилар.

Бусалбанийн рузманца долу Керла шо билгалдаккхар дуьйцуш, Делах кхерарехь а, Цунна Ӏамалш йарехь а, вовшашца болу барт чӀагӀбарехь а бусалбанаша жигаралла гайта йезаш хиларна тӀе тидам бахийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

«… ХӀокху деношкахь, дика а, вуон а луьра къийсалуш а долуш, оцу къийсамехь шайн синош дӀалуш вайн кӀентий а болуш, вайна къаьсттина чӀогӀа оьшуш ду иза. Вайн кӀенташна гӀо-орца а, сихонца толам а бехалаш шайн доӀанашкахь», — билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Иштта, шен кост дерзош, бусалбанаш декъалбаран дешнаш а далийна Кадыров Рамзана: «Керлачу шаро кхин а дукха хазахетарш а, толамаш а, турпалхой а, бакъонан къаной а, Даймахкана муьтӀахь а, беркате а болу нах а лойла вайна».

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: