Нохчийн тӀеман батальонашна хьелаш кхоллар теллина Кадыров Рамзана

Оборонин министерствон долахь кхоьллинчу нохчийн батальонийн салташна Соьлжа-ГӀалина йукъайогӀучу Хан-ГӀалахь хьелаш кхоллар теллина Кадыров Рамзана.

Цигарчу белхалоша 3 рожехь къахьегар а, царна куьйгалла деш ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министр Зайпуллаев Муслим хилар а хаийтина республикин Куьйгалхочо.

Керт йаран болх хӀинцале а чекхбаьккхина, 3 казармехь беш болу белхаш а чаккхене боьрзуш бу.

ДӀадерзийна инженерин коммуникацеш хийцаран а, оьшшуш йолу йийбар эцаран а гӀуллакхаш.

Кечйеш йу салтий дӀахӀиттаран а, футболан а, теннисан а, волейболан а, баскетболан а, воркаутан а майданаш.

Йеш йу 450 меттигна лерина гуламан зал а, 2 блоках а лаьтташ, 560 меттигна лерина кхачабааран корпус а.

Цул сов, 1 эзарна лерина маьждиг а ду кертахь деш.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхина и комплекс, белхаш дӀабирзинчул тӀаьхьа, салташна леринчу тоьллачу комплексех цхьаъ хирг хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: