Web-программированехула йолчу «IT-ПАТРИОТ» чемпионате заявкаш схьаэца йолийна.
Хьаьттан (август) беттан 8-чу дийнахь дӀахьур йолу иза кегийрхошлахь web-технологеш йаржоран а, оцу декъехь похӀма долу кегийрхой къасторан а Ӏалашо йолуш йу.
Дакъалаца луучара itpatriot@mail.ru тӀе заявка дӀатаса йеза.
Ткъа и заявка http://itpatriot.ru сайта тӀехь йу.
Контактан лоьмар: +7(938)003-69-17.
Билгалдоккху и Чемпионат «Росмолодежан» грантийн конкурсан толамхо йаьлла хилар.