Кадыров Рамзана Соьлжа-ГӀалахь тӀеэцна Россин либерал-демократийн партин куьйгаллехь лаьтта Слуцкий Леонид.
«РЛДП-н керла дахар ду дӀадолалуш», — йаздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Telegram чуьрчу шен каналехь.
Цо билгалдаккхарехь, Слуцкий Леонид вайн республикехь дуьххьара хилла вац.
«ДагадогӀу, хӀетахь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжица цхьаьна, харжамийн каппашкахь а хилла ву Эдуардан Леонид. Дагалецира цуьнца хилларш, тӀаьхьалуонан ойланаш а йийцаре йира», — тӀетоьхна Кадыров Рамзана.
Иштта, хӀинццалц либерал-демократаш Нохчийчоьнан бахархоша кхин тӀекаре беш цахилар дуьйцуш, кхин цхьа хӀума а билгалдаьккхина цо — партин куьйгаллехь керла стаг хилча, и хьал хийцадала а тарлуш хилар.
«Парламентехь а, кхийолчу инстанцешкахь а партин векалш хиларна даккхийдеш хир ду», — хаийтина Кадыров Рамзана.