Луганскан а, Донецкан а халкъийн республикашкахь вовшахтоьхна кегийрхой-гӀоьнчийн «Ахмат» тоба. Telegram чуьрчу шен каналехь иштта хаам бина Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, оцу тобанан векалша хӀинцале а дакъалаьцна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо цигахь дӀахьочу гӀоьналлин акцешкахь.
«Къаьсттина хазахета царах хӀора а, и гӀуллакх доккхачу маьӀнера а хеташ, шен лаамца гӀоьнчийн тобанна йукъайазвалар», — йаздина Кадыров Рамзана.
Цул сов, шайн болх дӀаболорца уьш декъала а бина цо.
«… Шу — маршо а, машар а безачу Донбассан республикийн сирла кхане», — дерзийна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.