Чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон цӀарахлера харцдар

Бакъо а йоцуш наркотикаш лелоран хьокъерчу статьяца Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон белхахошна дуьхьал Ставрополан махкахь уголовни гӀуллакх долийна аьлла, цхьайолчу интернет-изданеша хаамаш баржийна.

Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствос, и хаамаш харцбарал сов, теллина боцу хаамаш ма баржабе аьлла, кхайкхам бина.

Дуьйцучу хьолехь шен дуьхьал уголовни гӀуллакх долийна вахархо Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствоца зӀе йолуш а йа хилла а вац.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: