Налогаш дӀайала аьтто бийр бу соьлжагӀалахошна

Соьлжа-ГӀалин бахархошна а, хьешашна а атта хир ду пачхьалкхан налогаш дӀайала. Иштта барт хилла пачхьенан мэран Кадыров Хас-Мохьмадан а, Федеральни налогийн службин Нохчийчохь йолчу Урхаллин хьаькаман декхарш кхочушдечу Тумхаджиев СаьӀидан а.

Налогаш дӀайаларан кассийн аппараташ хӀиттор ду Ӏалашонехь.

Махлелоран а, кхачанан а, хьашташ кхочушдаран а туьшашкахь хир йу уьш.

И гӀулч йаккхаро налогаш дӀайаларна тӀехь бахархой эвсаре бохург хиларх тешаш бу пачхьененан мэрин а, налогийн урхаллин а куьйгалхой.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: