23-чу июнехь Соьлжа-ГIалахь А-Хь.Кадыровн цIарах йолчу Сийлаллин хIолламан комплексехь Россин Федерацин художникийн союзан декъашхочун Дадакаева Элитин суьртийн гайтам схьабиллина «Дахаран тачанехула» аьлла цIе йолуш. Гайтам даздаран хьолехь схьабоьллу хан тIекхаьчча, комплексан йоккхачу зала чохь дукха кегийрхой а, бераш а гулделира. Уьш Нохчийн Республикин гIараяьллачу художникан Дадакаева Элитин искусствон белхашка хьовса далийна Аргун гIалара Берийн кхоллараллин туьшера бераш дара куьйгалхочуьнца, Нохчийн Республикин художникийн союзан декъашхочуьнца Гереханов Абубакарца цхьаьна.
Гайтам схьабоьллуш хьалхара дош Нохчийн Республикин халкъан художникана Эльмирзаев Сайд-Эминна делира. «Шен синан хазаллица хьожуш, вайна гуонахара хазалла гайта хаьа. Даима а лехамехь ю иза. Ша бечу балхах тоам бина Iаш яц. Дадакаева Элита ерриге а жанрашкахь къахьоьгуш ю. Суьрташ чулацаме ду, дукха хIума дуьйцу цара, генарчу хенара дукха хIума карладоккху. Хьуна хьайн бералла а карлайолу, хьайна дукхаезна меттигаш а карлайовлу Элитин суьрташка хьоьжуш. Вайна юьхькIам бу, х1ара гайтам вайна а, республикин хьешашна а гайта хилар» – элира цо.
Иштта, Элитин кхоллараллех лаьцна чулацаме къамелаш дира комплексан Iилманан белхахочо Акиева Хьавас, комплексан директора Ахмадов Iийсас.
Iийсас билгалдаьккхира: Дадакаева Элитас Нохчийн Республикин Россин а искусствона юкъа шен суьрташца хазна юьллуш хилар . Цунна истори, культура, ламасташ, нохчийн къоман Iер-дахар, луларчу республикийн, гIаланийн дахар, Iалам гайта хаьа.
Оцу дешнаш а тIечIагIдо, дIадаханчу 2014-чу шарахь Россин Федерацин художникийн союзо Элитина Даймехкан изобразительни искусствона юкъа доккха дакъа дилларна датон а, дашон а мидалш ялар ларамаза цахилар.
Хазахеташ дара искусствон езархошна юкъахь шортта кегийрхой хилар. Кегийрхойн «Ахмат» боламан декъашхой бара цигахь.
Оцу баламан Заводской районерчу отделенин куьйгалхо Ибрагимов Юсуп вара цо элира: тобанна хьалха ваьлла веана. Дерзоран дош Дадакаева Элитина делира. «Сан накъосташа, сан кхолларалла езачара доккха накъосталла до хIораза а гайтам вовшахтухуш. Баркалла ала лаьа шуна массарна а. Арахь йовха ю аьлла ца Iаш, Мархийн бутт белахь а, тахана дуккха а адам ду хIокху гайтамехь. Сайна дукхадеза гIуллакх деш ю со –суьрташ дохкуш. Далла хастам бу вайн иштта хаза музейш, залаш йолуш. Дела реза хуьлда шуна массарна а!».
Гайтаман цIен аса хадийра Эльмирзаев Сайд-Эмис а, Ахмадов Iийсас а, Акиева Хьавас а.
Гайтам 23-гIа июль кхаччалц лаьттар бу. Элитин 80 суьрто дог токх дийр ду искусство езархойн.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан сурт
№ 70, еара, 25 июнь, 2015 шо