Нохчийчоьнан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан хӀинца Луганскан Халкъан Республикин Турпалхо а ву.
Оцу республикин коьрта совгӀат Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна а деш, Соьлжа-ГӀалахь хилла Луганскан Республикин Куьйгалхо Пасечник Леонид.
«Доккха баркалла ала лаьа суна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна а, Нохчийчоьнан векалшна а, бахархошна а. Вайн ницкъаш цхьаьна а тоьхна, Луганскан Халкъан Республика паргӀатйаьккхина вай украинхойн фашистех», — билгалдаьккхира цо.
Иштта, Пасечник Леонида дийцарехь, мехкан а, динан а, историн а дуьхьа бечу тӀамехь толам бакъо къуьйсучаьргахь бен хила йиш йац.
«… Цундела тешаш ву со толам вайгахь бен хирг цахиларх», — тӀетуьйхира Луганскан Республикин Куьйгалхочо.