Поликлиникашна онлайн рожехь тӀейазваларан сервис

Шайна оьшшучу поликлиникашна онлайн рожехь тӀейазбала йиш йу хӀинца республикин бахархойн.

«Госуслуги» чохь иштта сервис болх бан йолайелла Нохчийчохь а, Россин 40 гергга субъектехь а.

Цкъачунна и сервис баккхийчарна бен лерина йац, амма, Нохчийчоьнан могашалла Ӏалашйаран министра Лорсанов Сулеймана дийцарехь, бераш тӀейаздаран бакъо а хир йу кеста — карарчу шеран чаккхенехь дуьйна.

Онлайн рожехь поликлиника хийцаран хьокъехь аьлча, билгалдаккха догӀуш цхьа хӀума ду — 1 субъектехь Ӏачу вахархочуьнга 1 бен хийцалуш йац иза 1 шарахь.

«Могашалла Ӏалашйар» къоман проектан а, «Терахьийн экономика» къоман программин а гурашкахь кхочушбина оцу сервиса тӀехь болх.

• Сервисах пайдаэцаран гӀулчаш: > Госуслуги > Здоровье > Прикрепление к поликлинике.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: