Берийн садаӀаран «Горный ключ» лагерехь дӀайолийна зудаберашна лерина спортан а, патриоталлин а программа.

Физически культурах пайдаэцар царна марздаран а, могашалла чӀагӀйаран а, жигара садаӀар вовшахтохаран а, патриоталлин кхетам кхолларан а Ӏалашонца дӀахьош йу иза.
«Дешар» къоман проектан гурашкара «Россин Федерацин бахархой патриоталлин декъехь кхиор» проект кхочушйаран декъера и болх дӀабахьарехь гӀо-накъосталла деш йу Нохчийн Республикин кегийрхойн гӀуллакхийн министерство а, Кегийрхойн гӀуллакхийн федеральни агентство а.
Программин дакъалацархошца гимнастикин а, хелхарийн а мастер-классаш а, спортан къийсадаларш а, иштта, психологаша къамелаш а дӀахьо.
«Кегийрхойн социальни дӀадолорш» йукъаралла йу иза вовшахтоьхнарг.