Йозанашкахь нохчийн меттан орфографи талларан программа кечйаран декъехь къахьоьгуш бу Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин Пайдечу семиотикин декъан говзанчаш.
Царна куьйгалла деш ву физикин а, математикин а Ӏилманийн доктор Умархаджиев Салавди.
Говзанчаша билгалдаккхарехь, йуьйцучу программин тестан кеп хӀинцале а кечйина.
Цунах пайдаоьцуш ву Ӏилманийн академин Меттан а, литературин а, фольклоран а декъан Ӏилманан белхахо Абдулкадыров Адам.