ТӀехьа-Мартан кӀоштахь кхочушйина инвестицийн 22 проект

Карарчу шарахь инвестицийн 22 проект кхочушйина ТӀехьа-Мартан кӀоштахь.

318,3 млн ₽ барамехь харжаш а йеш и проекташ кхочушйаро 111 белхан меттиг кхоьллина.

Иштта, карарчу хенахь, 1,9 млрд ₽ барам харжаш йан а йогӀуш, кхин а 74 инвестицийн проекта тӀехь къахьоьгуш а ду.

Пачхьалкхан программийн а, къоман проектийн а гурашкахь кӀоштахь йеш 4 ишкол а, музей а, молуш долу хи цӀандаран станци а, нехаш дӀасакъасторан комплекс а йу, иштта, дохкуш некъаш а, йуьгуш газ а йу.

Иза билгалдаьлла, оцу кӀоштан социальни-экономикин кхиарна лерина а йолуш, Нохчийчоьнан Премьер-министра Хучиев Муслима ТӀехьа-МартантӀехь дӀайаьхьначу кхеташонехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: